Тефра
Тефра (схьадаьлла желт. τεφρα — чим) — тӀапломо хӀаваэ хьала а кхоьссина, цул тӀаьхьа лаьтта охьабиллинчу гӀирсан цхьаьнатохаран термин. Тефра охьадилларан диагенезехь кхоллало тӀапломан-пирокластин ломан породаш — туфаш. Охьадиллина тефра атта дӀахьо латтан тӀехуларчу хиш, охьахьуш долу ломан породин кеггаршца иэн а лой, кхуллу пирокластин а, охьаховшу а ломан породашна йукъара охьахешина-пирокластин породаш — туфгӀамарш, туфоалевролиташ, иштта кхин а.
ТӀапломан чим айабалар а, аракхоссар а хуьлу, тӀаплам Ӏаьттош, эруптиван когашкахь а, лаван фонтанашкахь а, чиман декъалган юккъера барам а, тефран чкъоьран стоммалла а охьайолу тӀапломан гена мел довлу. Шайн барамашца, аракхоьссина материалийн дакъойх олу тӀапломан чим (ченан санна дакъолгин барам белахь), тӀапломан гӀум, лапиллиш, тӀапломан бумбанаш; дакъош хила тарло луьста а, хира а (пемза).
Ӏаьтторан чӀогӀалле а, хьоле а, ткъа кхин а дакъойн барамашка хьаьжжина, аракхоьссина материал дӀасахьо эккхаран меттигера тайп-тайпанчу геналле — масех километр тӀиера бӀенаш километрашка кхаччалц (тӀапломан чим). Хенан йохаллехь охьадоьжна тефран семса чкъор дета, цеманц хуьлу, цуьнан хӀоттаме хьаьжжина, цунах хуьлу тӀапломан туфаш, туфобрекчеш я брекчеш.
Охьадижина тефра кхерам бахьа адамашна а, халкъан бахамна а. ЧӀогӀа Ӏаьттийча чимо хьулдо урамаш, цӀенош. Цуьнан дозаллийца дохадо тхевнаш, хедало серий. Иза кхочу массанхьа а, кхозу хӀаваэхь, адамашна а, дийнаташна а садоӀуьйла ца хуьлу. Башха даккхий Ӏаьттораш аракхуссу дукха шорта чим, цуо яхьа ладаме шелонаш беттанашна а, шерашна а.
ТӀапломан чиман дакъолгаша йоккха меттиг дӀалоцу, тӀехуларчу хьолехь цхьаьна эшшара а ца хуьлу. Уьш атта йохайо атмосферан йочанаш, саз-латтан минералаш а хуьлуш, минералан туьхнийн шовранаш къаста а деш. ТӀапломан чим йукъахь дукха биожигара микроэлементаш ю, бохамца Ӏаьттор хиллачул тӀаьхьа а гуонахьара ораматаш сиха меттахӀуьтту. Цул сов, тӀаплаьмнашна гуонахьар кӀошташ ю шира латта лелоран меттигаш, масала, Везувийн кӀошт. Тоннашкахь беза чим буха дахаран кхерам боллушехь, и латта леладо чӀогӀа дика латта хиларна.
Историн хиламашна а, археологин карорашна а терахь хӀотторан хьесап ду чиман чкъоьрашца лоруш, цунах олу тефрохронологи.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Н. В. Короновский, А. Ф. Якушова. Основы геологии. — Москва: Высшая школа, 1991. — ISBN 5-06-001730-3, УДК 55, ББК 26.3, РУБ Г 3.
ХӀара геологех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀокху йаззамехь йа декъехь йу хьостийн исписка йа арахьара хьажоргаш, амма цхьацца чӀагӀдарийн хьосташ кхеташ ца хуьлу тӀетовжамаш ца хиларна. |