[go: up one dir, main page]

Чулацаман тӀегӀо

Кельвин

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Уильям Томсон (лорд Кельвин)

Ке́львин (билгало: K) — СИ системехь температура йусту барам, СИ системехь коьрта барамех цхьаъ. Йукъайаккхина 1848 шарахь. Цхьаъ кельвин йу 1/273,16 дакъа термодинамикан температура[1]. Шкала йолайалар (0 К) абсолютан нольца нислуш йу. 1968 шо кхаччалц оцу барамах олура Кельвинан градус.

Кельвинан температура Цельсийн градусашка йаккхар: °С = K−273,15 (кхолха хин тӀедан температура — 0,01 °C).

И барам йукъабеххина Уильям Томсон цӀе йолу ингалсан физикс. Томсонан сий деш цунна Айрширар лорд Кельвин Ларгский цӀе йолу титул а йелла, цо йукъабаьхкина барамна Кельвин аьлла цӀе а тиллина (Кельвин Глазго университетан лаьттахула чекхдолуш хин цӀе йу).

Уильям Томсонс шен балхахь «Об абсолютной термометрической шкале» («On an Absolute Thermometric Scale») йаздира керла температура йуста шкала оьшу аьлла. Оцуьна шкалахь ноль хила йеза уггара чӀогӀа шелонца йогӀуш хила йеза (абсолютан ноль), цхьана сизан мах цхьаъ Цельсийн градус хила беза[2]. И абсолютан шкала тахана йевзаш йу термодинамикан Кельвинан шкала аьлла.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ГОСТ 8.417-2002. Государственная система обеспечения единства измерений. Единицы величин. Архивйина 2012-11-10 — Wayback Machine
  2. Thomson, William (October 1848). "On an Absolute Thermometric Scale". Philosophical Magazine. Дата обращения: 2013 ш. 01 январехь. {{cite journal}}: Шаблон цитирования имеет пустые неизвестные параметры: |coauthors= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (пустые неизвестные параметры)