1957 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
1953 · 1954 · 1955 · 1956 — 1957 — 1958 · 1959 · 1960 · 1961 |
Итта шераш |
1930‑гӀа · 1940‑гӀа — 1950‑гӀа — 1960‑гӀа · 1970‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларг
[бӀаьра нисйан | нисйан]- СССР Лакхар Совет Президиуман Указа араялар «Нохч-ГӀалгӀайн АССР РСФСР юкъахь меттахӀоттаяр» (1957 шеран 9 январь)
- ЮгӀа кхоьллина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хелхаран а, эшеран а ансамбля (1957 шеран 3 июнь)
- Арахецна «Комсомольское племя» газетан хьалхара номер (1957 шеран 2 июль)
- Соьлжа-ГӀалахь дуьххьура шуьра экран йолу фильм гайтина «Родина» кинотеатрехь (1957 шеран 30 август)
- Соьлжа-ГӀалахь хьайиллина Ленинан памятник (1957 шеран 2 ноябрь)
- Соьлжа-ГӀалахь йолаелла Нохч-ГӀалгӀай яздархойн хьалхара конференци (1957 шеран 12 декабрь)
Оцу шарахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Абдулвадудов, Омар (1957 шеран 2 апрель) — нохчийн штангист а, пауэрлифтер а, Российн чемпион, СССР спортан говзанча, Нохчийн Республикин еза атлетикан Федерацин вице-президент;
- Адаев, Султан Амаевич (1957 шеран 20 июль — 2015 шеран 4 февраль) — нохчийн музыкант, дирижёр, нохчийн халкъан пондарийн оркестр куьйгалхо, Нохчийн Республикин Халкъан артист;
- Умхаева Зарган Сайпудиновна (1957 шеран 26 март) — физикин профессор.
Оцу шарахь белларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Гучигов, Али Аюбович (1914 шо — 1957 шеран 29 сентябрь) — нохчийн XX бӀешеран хьалхаран эхан пачхьалкхан гӀуллакххо, Сийлахь-боккха даймехкан тӀеман декъашхо, гвардин майор.