Шурасена
Шурасена (Śūrasena IAST) — Шира ХӀиндин паччахьалла. Цуьнан мохк хилла хӀинцалерчу Уттар-Прадеш регионера Браджа йолчохь. Коьрта шахьар лаьттина Матхурехь. Буддийн «Ангуттара-никаян» тексташца Шурасена хилла вайн эрал VI бӀе шо хьалха ялхийтта Махаджанападех цхьаъ[1] Шайн гӀиллакхашца паччахьаллин цӀе йелла гӀараваьллачу Ядавийн некъийн паччахьан Шурасенан цӀарах. Цуьнан кӀант хилла Васудева, Кришнин да. Цхьана муьрехь кхузахь олалла дина Уграсенас, Камсин дас. Иза хилла беза мохк Кришнина, иза кхузахь ванн а вина, цуо олалла а дина. «Махабхаратехь» дукха хьахабо оцу паччахьаллин бахархой шурасенаш. Уьш къарбина Сахадевас раджасуя сагӀийна кечам бечу хенахь тайпа деана ясакххой хьолехь. Курукшетрера тӀамехь шурасенаш Пандавашна дуьхьал хилла, уьш хӀаллак бина Юдхиштхирас, оцу тайпана цӀийх латта Ӏабийра цуо[2].
Шурасена паччахьаллин коьрта шахьар Матхура ю, лаьттина Ямуна хин бердаца, хӀиндусаша еза меттиг лору.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Raychaudhuri, H.C. (1972), Political History of Ancient India, Calcutta: University of Calcutta. P. 85.
- ↑ Mani, Vettam. Puranic Encyclopedia. — New Delhi:Motilal Banarsidass, 1975. — P. 768. — ISBN 0-8426-0822-2