[go: up one dir, main page]

Чулацаман тӀегӀо

Хьадд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

Хьадд (Ӏарб. حد — чохьваллор, сацор) — оьздангаллин а, йукъараллин а низам дохорна шариӀатан суьдхочо ен кхел. Иштта кхелйо хӀокху зулмашна: сий дайар, боьха лелар, харц тешаллаш дар, эладиташ лелор, вахон маларш мийлар, шовкъе ловзарех ловзар, курхаллаш а, хӀилланаш а, хьарамлонаш а леладар, кхин тӀе Къуръано а, Мухьаммад (АллахӀера салам-маршалла хуьлда цунна) пайхӀамаран суннато а бохучунна дуьхьалдерг леладарна.

Лелаяран низам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьадд кхел ца йо цхьана стаган зулам дарна, ткъа йо низам дохорна, хьадд хӀуъа а дина кхочушъян еза[ком 1]. Иза кхочушйо 40 - 100 гӀаж я шед тохарца[ком 2]. Кхел чекхъяьлчи зуламхо дохко вала веза (тауба), шен бехк эца а беза (каффара)[1].

Хьадд шариӀатан суьдхочун бен тоха йиш йац, цуо билгалдоккху массазза тоха еза а, тохаран ницкъ а[ком 3]. Тохаран ницкъалла тӀех сов хила а йиш йац, кхелъеш ца виерхьама а, чоьхьара меженаш ца лазорхьама а. Нагахь кхелахо веллехь, тӀаккха, цхьаьна мазхӀабашкахь цуьнан тӀаьхьенашна рицкъ дала деза (дийа) йукъараллин бахам тӀиера, кхечу мазхӀабашкахь — цхьан а бехке ца лору иза валарна, закон доцург. Хьадд кхочушъян мега муьлххачу йукъараллин меттигехь, маьждиг йукъара даьккхичхьа. Зудчун кхел кхочушъеш ца магадо цуьнан дегӀ дерзана далар (Ӏоврат), ткъа стаган тӀехь хила еза кхел яйн ца еш бедар[1].


ШираӀусманийн бакъонашца хьадд хийца йиш яра доккхачу ахчанан гӀуданца. И низам тӀеэцна закон дина хӀинцалера дукхах йолчу бусалба нах бехачу пачхьалкхаша[1].


Комментареш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Шина агӀонна юкъахь маслаӀат дар а, къинтӀийра валар а ишттачу зуламна хила йиш йац.
  2. Шед тохарал сов ян йиш ю кхин а кхетийтархьама кхел а (таӀзир).
  3. ТаӀзар дечун хьоле хьаьжжина, цкъа тоьхна чекхъяккха а йиш ю, масех декъе екъна тоха а йиш ю.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991, с. 261.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]