Беканча
Беканча[1] йа Йишлакхархо — йиш лакхарх болх бинарг; музыка кхочушйийриг: йиш, романс, ари, хор, эшар, и кхин дӀа; шен аз долуш музыкин гӀирс тӀехь музыка локху музыкант. Беканча — уггаре даьржина вокалхочун тайпа.
Жанрийн классификацеш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Беканчийн цхьа билгала музыкин говзалла хуьлу:
- оперин беканча
- камерин беканча — концертехь озаца музыка локху, дукха хьолехь фортепианоца йа кхечу музыкин гӀирсца
- джазан беканча
- эстрадин беканча
- халкъан беканча
- рок-беканча
- бард
- шансон-беканча
- хорист — хоран артист, килсехь — эшархо.
Классификаци аьзнашца
[бӀаьра нисйан | нисйан]Классикин музыкехь а, оперехь а аьзнаш туьду музыкин гӀирсаш санна. Композиторш музыка йазйо беканчин озан башшхалла а, говзалла а лоруш, оцу гӀирсан.
Аьзнийн (цуьнга терра беканчийн а) классификацин дуккха а системаш йу. Цхьайолчара царех лору озан чӀогӀалла, аьлча а, мел чӀогӀа беканчега йиш лакхало; кхечара — мел лелаш ду, виртуозан, къаьсташ ду беканчийн аз; кхоалгӀачара йукъатуху музыкел арахьара амалш, масала тӀехулара сурт, актёран хьуьнарш, кхин дерш а.
Кхечаран алсама лелайо беканчин озан диапазон а, стен-боьршалла а классификаци. Йеккъа оцу шина хьесапца куьйгалла дича а, хуьлу шортта тайпанаш. Кхузахь дела йалх коьртаниг.
- Зударийн аьзнаш:
- сопрано — зударийн лакхара аз
- меццо-сопрано — зударийн йуккъера аз
- контральто — зударийн лахара аз (хоран музыкехь тӀелаьцна деккъа альт алар)
- Божарийн аьзнаш:
Кхин тайпанаш — колоратурин сопрано, драмин тенор, бас-баритон, бас-буффо, бас-профундо. Кхин а йу зударийн озан диапазонехь локху божарийн-беканчийн категореш. Оцу тайпана аьзнаш кӀезиг ду, леладо, коьртаниг, оперехь. бароккон музыкехь дукхаха йолу ролаш йазйинера баьӀначарна — божаршна-беканчашна, къона болуш, озан мутаци ца хилийтархьама, боӀуш операци йинчарна, тӀаккха дуьсу лакхара, зударийн санна, аз (хьажа БаьӀна беканчаш). Таханлерачу вокалан лакхарехь и ролаш лелало, фальцет олу йишлакхаран кхиина техника йолчу, беканчега. Иштта тайпана беканчех олу сопранохой (изза контратенор, изза божарийн альт)[2].
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Список 100 величайших певцов всех времён по версии журнала Rolling Stone (версия 2008 года)
- Список 200 величайших певцов всех времён по версии журнала Rolling Stone (версия 2023 года)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ А.Исмаилов, "Дош", русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.33
- ↑ Кастрат Фаринелли или кто такие сопранисты? • «7x7» Горизонтальная Россия