ЖӀакки
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ЖӀаккалла — зуламан бакъонехь пачхьалкхийн урхаллин а, социалан йукъараллин а бухан дуьхьала уггаре кхерамечех зулам. Зуламан законашкхолларехь тайп-тайпанчу пачхьалкхийн даиман а ца хуьлу леррина зулам «жӀаккалла», амма дукха пачхьалкхийн законашкхолларехь цунна гергара зуламаш шорта ду (кхоьллинчу тобанца талораш дар, рицкъ кхерийна даккхар, тайп-тайпана кепара ницкъбар, кхин а).
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЖӀакки — адамийн тоба йу, жӀаккалла лелош йолу[1]; жӀакки кхин а олу тӀеман къоланаш дечу тобанех а[2].
Борис Львин йаздина:
Мохк дӀалацархоша партизанех даиман а жӀаккой олу. Немцошна жӀаккой бара советийн партизанаш а, Крайован эскар а, УПА а. Цуьнца цхьаьна Крайован эскар а, УПА а жӀаккой хилира немцошца тӀом беш долу советийн эскаршна а. Гражданийн тӀамехь кӀайчарна жӀаккой бара кӀайчу махкара цӀенаш а, баьццара гӀаттамхой а. ЦӀечарна жӀаккой бара цӀечу махкара кӀайнаш а, баьццара гӀаттамхой а, цаьрга терра гӀалагӀазкхий а, кронштадтхой а, антоновгӀар а …
… Муьлххачу историкан а хаьа, регуляран боцу кхолламаш ца хуьлу «бакъонашца» тӀом беш, муьлхха а террористийн акции ца еш, полицина а, гӀаролашна а сонашкара тӀе ца леташ, коллаборационисташ кхероран а, байаран а акташ ца деш
ЖӀаккаллин къастам законашкхолларехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]ССРС
[бӀаьра нисйан | нисйан]1960 шеран РСФСР Зуламан кодексан 77 статьяно билгалдаккхара жӀаккалла иштта: «предприятешна а, урхаллашна а, кхолламашна а, йа цхьацца стагана тӀелиета Ӏалашо йолуш герзаца жӀакки кхоллар, ткъа ишттачу жӀаккешкахь уьш тӀелеташ дакъалацар», таӀзар ду виеран кхел.
ЛПД зуламан бакъонехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЛПД пачхьалкхийн зуламан бакъонехь жӀаккалла бохург кхетадо хӀоьттина йаьлла герзашца йолу, Ӏалашо вовшех уьйр йолу зуламан гӀуллакх долуш, леррина цхьаьнакхетта пачхьалкхан, йукъараллин урхаллаш, предприятеш йа цхьацца нахан цкъа йа мосийттаза тӀелата кечъелла йолу адамийн тоба.
ЖӀаккалла хилар тешалла ду кхоъ хӀума цхьаьна: 1) шиъ йа сов стаг хилар; 2) цхьаьнгахь мукъане а герз хилар, иза дуй массо жӀаккаллин декъашхочуна хаар; 3) декъашхой бертахь хилар, низам хилар.
ЖӀаккаллехь законо цамагийна герз доцург, кхин а муьлхха а герз хила таро йу, тӀелата а, адамашна зулам дан а (масала, кастеташ, нунчакаш) лерина. ЖӀаккалла лору осала зулам и тоба кхуллучу хенахь дуьйна, оцу жӀаккин тобано цхьа а зулам ца динехь а, и тоба кхолларан факт а бу боккха кхерам. Зуламех жоьпалле бу герзаца йолу тоба кхоьллинарш а, ткъа иштта оцу тобана йукъа баханарш а. ЖӀаккаллин жоьпаллехь бу 16 шо кхаьчнарш.
Массийн оьздангаллехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ЖӀаккин тоба
- Йолах салти
- Ландскнехташ — йолах салти, церан талораш «банда» боху дош а бехдина
- Кампен-фрау — талораш дукха дезаш болу ландскнехтийн накъостий-зударий
- Ӏаьржа береш
- Кондотьераш
- Ландскнехташ — йолах салти, церан талораш «банда» боху дош а бехдина
- Законехь боцу тӀеман кхолламаш
- Гангстер
- Кечйдина зуламалла
- Обарг
- Гачаг
- Хунхузаш
- Басмачалла
- Клефташ
- Гайдукаш
- Опришкаш
- Аренан баьчча
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Банда // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- ↑ Банда (отряд) // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бандит // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Банда // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Тарасов А. Н. Россия между бандитом и партизаном Архивйина 2019-05-11 — Wayback Machine
- Кравченко А. И. Социология девиантности.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Криминология: Учебник / И. Я. Козаченко, К. В. Корсаков. М.: НОРМА-ИНФРА-М, 2011. — 304 с. ISBN 978-5-91768-209-9.
- Шишкин В. И. Красный бандитизм в Советской Сибири. // Советская история: проблемы и уроки / Отв. ред. В. И. Шишкин. — Новосибирск: Наука (Сибирское отделение), 1992. — С. 3—79. — ISBN 5-02-030223-6