Шиш
Полифилетийн тоба Ораматийн | |||||
---|---|---|---|---|---|
ЦӀе | |||||
ЦӀеран статус | |||||
Латинан цӀе | |||||
Дай-нанойн таксон | |||||
Гергарнаш | |||||
|
Шиш (лат. Azalea), (оьрс. Азалия) — цхьайолчу хаза кхуьучу Шиш (Rhododendron) тайпанан кепан ораматин цхьаьнатуху цӀе. Хьалха и кепаш къастайора ша йаьлла Верескан (Ericaceae) доьзалан тайпа — Azalea L..
ХӀинца Azalea тайпа дӀадаьккхина, ерриг кепаш йукъатоьхна Шиш (Rhododendron).
Бешан классификацехь шишаш къаьсташ хуьлу. Шишан зезагаш пхиъ дургал йолуш а, 10 дургал, кхин сов а йолуш хуьлу. Царах тера йоцуш ю Rhododendron canadense а, Rhododendron vaseyi а, церан хуьлу 7 - 10 дургал[2].
Шишаш шина тобане декъало:
- ГӀа дужурш (инг. Deciduous Azaleas) —гурахь гӀаш оьгу кепаш а, сорташ а. Царех цхьаерш: 'Frank Abbott', 'Gibraltar', 'Golden Lights', 'Jane Abbott', 'King’s Red', 'Lollipop', 'Weston’s Innocence', 'Weston’s Lemon Drop'.
- Гуттар синаерш (инг. Evergreen Azaleas) — гуттар сина йолу кепаш а, сорташ а (гӀашшан дерриг я доккхаха долу дакъа сийна лаьтта даиман а). Царех цхьаерш: 'Hershey’s Bright Red', Rhododendron yedoense var. poukhanense[3][4].
Сорташ
Кхабанчохь кхуьу ораматех шуьйра йаьржина шина кепан бух тӀиера сорташ (алсама — хьалхарчун бух тӀехь):
Ший а кеп — карликан коллаш ю, 30—50 см лекха.
Цхьайолу йевза сорташ: Rhododendron simsii ‘Stella Maris’, Rhododendron simsii ‘Ambrosus’, Rhododendron simsii ‘Obtusum Rex’, Rhododendron ‘Adonia’, Rhododendron ‘Aline’, Rhododendron ‘Ambrosiana’, Rhododendron ‘Arduwi’, Rhododendron ‘Arduza’, Rhododendron ‘Arosa’, Rhododendron ‘Arro’, Rhododendron ‘Arwi’, Rhododendron ‘Arza’, Rhododendron ‘Avenir’, Rhododendron ‘Bertina’, Rhododendron ‘Charly’.
Оьздангаллехь
Латта
Шиш — дукха йоцучу чохь лелочу ораматех муьста латта (pH 4—4,5) дезачех цхьаъ ю. Уггаре дика хуьлу цунна верескан латта, амма иза хийца мегар ду иэдинчу (2:1) базанан а, уьшалан Ӏехан латтанца тӀе кӀеззига охьадоьдучу хин гӀум а тухуш. Дика кхуьу гидропоникехь.
ХӀора шина кӀирнах цкъа йукъахь хлор доцу минералан туьха тосу, зезаган ботт юьллуш суперфосфат (15 г 10 л хин) дика хуьлу.
Кхиар
ЧӀогӀа ладаме ду шен хеннахь гӀодмаш кхардар, цӀандар. Кхарда доладо майхь. ДӀадоху гӀийла я дукха чӀогӀа кхиина маргӀалш, даххане а доху чоьнан чоьхьа дирзинарш. Хаа: колла йоккха мел ю, гӀийла кхуьу зезаг. Къона маргӀалш кегдо, тӀехь 4—5 гӀа а дуьтуш. Зезаган патаршан уллехь кегийра къона геннаш довлахь уьш дӀадоху.
Кхечу ораматех къаьсташ шиш кхуьучу хенахь хьовзо а мега, дӀасхьадаккха а мега. Амма кхиина даьлчи зезаган ботт кхуьуш хиллачу кепе юха хӀотто деза.
Къона ораматаш кхиина девлчи кхечухь дуьй хӀора шарахь, къенонаш — 2—3 шо даьлчи. Шишан ораман система тӀехула йолун дела, пхьегӀа чӀапаниг лелайо.
Цамгарш а, зуламхой а
Дебар
ЦӀерачу хьолехь шиш дебадо гӀодан дечиг хиллачу гӀажмашца, иза хала делахь а. ДӀадуьй хенаш — майра август кхаччалц. Орам дика тосу муьста реакцин субстратехь. ГӀожмаш аьнгали пхьегӀанца я полиэтиленан чкъурамца къовла еза, гуттаренна а хи дета а, хьарса а деза. Температуранорам тасаран оптимум — 25 °C.
Билгалдахарш
- ↑ Шиш(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN. 3 июля 2013
- ↑ Deciduous Azaleas . rhodyman.net. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 30 сентябрь.
- ↑ Proven Performers for District Six Chapters . American Rhododendron Society. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 октябрь.
- ↑ Renee Miller. Deciduous vs. Evergreen Azaleas . Hearst Communications, Inc.. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 октябрь.
Хьажа иштта
Хьажоргаш
- Azalea Society of America . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 сентябрь.
- Азалея // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Азалия // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- Donald W. Hyatt. Evergreen Azaleas: Sorting Out the Confusion . Azalea Society of America (2009). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 3 март.